ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили вийначул тIаьхьа Германино цIа хьажийначу оьрсийн дипломатан цIе евзина


 Хангошвили Зеламха
Хангошвили Зеламха

Хангошвили Зеламха вийначул тIаьхьа Германера бохийначу оьрсийн дипломатех цхьаъ ву тIеман коьртачу атташен гIовс, ГРУ-н эпсар Суцкий Евгений. Немцойн Bild таблоидо а, дуьненаюкъарчу Bellingcat тобано а юкъахь бинчу талламийн жамIехь яздина цунах лаьцна. ШолгIачу оьрсийн дипломатан цIе йоккхуш яц цкъачунна.

Бакъду, ший а ГРУ-на болх беш хиларх хьалхо яздира Suddeutsche Zeitung а, Der Spiegel а хьосташа. Карара шо доладелчхьана Германин къайлахчу сервисаша шайн тергонехь латтош вара Суцкий. Талламбинчул тIаьхьа рапорт арахецначара яздарца, оьрсийн "Северный поток-2" газопроводан интересаш хьалхаяхархьама Германин политикашна вербовка йина хила тарло цо.

Bild хьостан политикан редакторо Репке Юлиана зорбане даьхна Суцкийн суьрташ. Репкес чIагIдо, цхьана сурт тIехь ГРУ-н эпсар оьрсийн Берлинерчу векалтан школехь дипломатийн бераш Iамош ву бохуш. Цул совнах, журналисто билгалдаккхарца, дипломаташ лаьхкинчул тIаьхьа векалтан сайтера Суцкийн хинйолчу лекцех бина хаам дIабаьккхина.

1984-чу шарахь Ростовн кIоштарчу Гуково гIалахь вина ву Суцкий Евгений. Москварчу Горный университете деша хIоьттира иза 2005-чу шарахь. Ткъа 2008-чохь оьрсийн тIеман гIуллакхдархойн академи дехьавелира. 2017-чу шарахь, оьрсийн иччархошца уьйрашкахь хилла бохуш, шеконашкахь латточу шен хIусамненаца а, шина бераца а Берлине дIавахара Суцкий. Оьрсийчоьнан векалтан коьртачу тIеман атташен гIовс вара иза тIаьххьарчу заманчохь.

Нохчийчохь тIемаш бечу хенахь гIаттамхойн могIарехь оьрсашна дуьхьал лаьттина Гуьржийчуьра схьаваьлла Хангошвили Зеламха вийра Берлинехь Марсхьокху-беттан 23-чохь. Оьрсийчоьно харц паспорт шена кечдина волу «Соколов Вадим» ву иза вийнарг. Ткъа официалехь билгалъялла яц цуьнан бакъ цIе. Журналисташа бинчу талламаша гайтарехь, цуьнан бакъ цIе Красиков Вадим а ю, ФСБ-н къайлах операцеш ечу декъехь болх бина а ву иза, стаг вуьйш дуьххьара гучуваьлла а вац.

Цхьана хенахь Оьрсийчоьно ша а лехна Красиков, лаца а кхайкхийна, амма хууш доцчу бахьаница тIаьхьо дIаваьккхина лехамийн тептарара.

Цуьнца доьзна Германин арахьарчу гIуллакхийн министро хаамбира, оьрсийн ши дипломат шаьш Оьрсийчу дIахьажорах. Цунна жоп луш, Москвано персона нон грата кхайкхийна немцойн пачхьалкхан ши векал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG