ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистанан латархо Нохчийчохь валарх дийцина АСА-н президенто


Узбекистанан ММА-н латархо Нурматов Бекзода
Узбекистанан ММА-н латархо Нурматов Бекзода

Соьлжа- гIалахь дIаяьхьначу ACA 100 турнирехь леттачул тIаьхьа веллачу Узбекистанерчу латархочун Нурматов Бекзода кхалхаран бахьанех вистхилла Absolute Championship Akhmat-ан(ACA) президент Яценко Алексей.

"Тасадаларш дирзинчул тIаьхьа цхьана а хIумано сагатдеш вацара иза. Цхьа хан яьлча цуьнан секундхо тIевеара, вон ду латархочунна аьлла. Лоьраш тIекхаьчча а кхетамехь вара иза. Таллам бира, тIаьхь-тIаьхьа гIора оьшуш дара цуьнан, цIийн таIам а совбаьлла гойтура. Маса дарбан хIусаме кхачийра иза, цигахь къаьстира инсульт хилла хилар. Цуьнан секундхоша бахарехь, дог этIаш хиллера иза леттачул тIаьхьа. Боккха сингаттам бу иза", - аьлла Яценкос.

Нурматов Бекзод, Узбекистанера ММА-латархо велира Соьлж-ГIаларчу Absolute Championship Akhmat 100 турнирехь нохчочуьнца Исаев Бесланца леташ ша эшна кхо де даьлча. Оцу хьокъехь хаам баржийра ТВЦ телеканало.

27 шо долу спортхо тиларчуьра ваьлла шен латар дирзича. Велла кхо де даьлча, коьрте цIий доссар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG