ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь цIе а яьлла, кхо адам делла


Соьлжа-гIаларчу Октябрскан кIоштарчу хIусамехь яьллачу цIергахь велла кхо стаг. ТАСС агенталло даржийна цунах, регионерчу орцан министраллан информацина тIе а тевжаш.

"Тхоьга хаам кхечира Октябрьскан кIоштарчу цхьана цIийнах цIе яьлла аьлла. Амма цу чохь нах бу я бац, хууш дацара билггал. ЦIе маса яйа аьтто белира, делахь а, кхо стаг велла цу чохь, бераш дац царлахь", - аьлла министраллан пресс-гIуллакххоша.

Карарчу заманчохь цIе кхарстаран бахьанаш толлуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG