ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алханов: тIом боьдучу заманчохь зIе хаьдда яц Дудаевн а, Ельцинан а


Нохчийчоьнан хьалхара президент Дудаев ЖовIар
Нохчийчоьнан хьалхара президент Дудаев ЖовIар

Оьрсийчоьнан президентан Ельцин Борисан а, Ичкерин президентан Дудаев ЖовхIаран а юкъарлонаш дара аьлла нохчийн чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана РБК агенталлана еллачу интервьюхь. Цо бахарехь, цу шиннан зIе "цхьана денна а" юкъахъяьлла яц.

Алхановс чIагIдо, Оьрсийчоьно Дудаевна гIо деш хилла кхечу пачхьалкхашка ваха-ван а бохуш.

"Дудаев муха воьдура кхечу пачхьалкхе? Цуьнан кема Югославехь сацийнера. Ельцина телефон тоьхначул тIаьхьа дIахецна хиллера. Оьрсийчоьно луш бара цунна хIаваэхь лела некъ. Иракъе а, кхечу пачхьалкхашка а лелара иза", - аьлла Алхановс.

Дудаевн коьртачу хадархочунна тIе а тевжаш, къамел дина Алхановс. Иштта цо чIагIдарехь, дуьххьара оьрсийн а, нохчийн а тIом боьдучу шерашкахь зIенаш латтийна шина президенто вовшашца.

Хьалхара Нохчийчохь иккхина тIом "Дудаевна а, Ельцинна а цхьатерра оьшуш бара" боху Алхановс.

1994-чу шеран ГIуран-баттахь болабелла Нохчийчохь хьалхара тIом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG