ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Коммерсант": Гуцериевн компани бехкейина контрабанда лелорна


Гуцериев Михаил

Хьолахочун Гуцериев Михаилан индустрин-финансийн "Самфар" группана юкъа йогIучу "ФортеИнвест" компанин офисех хьовсар, цара Украине нефтан сурсаташ кхоьхьуьйтуш контрабанда лелорца доьзна ду аьлла, яздо "Коммерсанто". Байначу беттан 22-чохь дуьйна бехкзуламан гIуллакх дара чоьхьарчу гIуллакхийн министралло диллина, газетан информацица.

ФСБ-н а, дозанал ара йоккхучунна тIера ял оьцучу урхаллан а белхахоша чукхачийна рапорташ бахьанехь бехкаш дехкинера компанина. Цуьнца а догIуш, 2017-2018-чу а шерашкахь Туркойчу хьош ду бохуш, харц кехаташ а хIиттош, Украине 2 миллиард сов соьмана 130 эзар нефтан сурсаташ дехьадаьхна "ФортеИнвесто". Ницкъахойн версица, бензин хьош йолу танкерш Туркойчу кхаьчна яц, уьш севцца Украинехь.

Оцу бахьанашца кху беттан 18-чохь чоьхьарчу гIуллакхийн а, ФСБ-н а белхахоша Москварчу а, Подмосковьерчу а, Петербургерчу а, Ростовн а, Нижегородскан а кIошташкарчу Гуцериевн офисашкахь талламаш бина.

"Коммерсанто" яздо, Москварчу "ФортеИнвестан" офисех хьоьвсинчул тIаьхьа документаш а, электронан информаци тIехь йолу дискаш а дIадаьхна.

Маршо Радионо хаамбира, кхааридийнахь Гуцериевн офисехь талламаш барх а, яьржина информаци Гуцериевс бакъ ца ярх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG