Евробертан пачхьалкхаша тIедогIучу 2020-чу шарахь тIелоцур ву 30 эзар сов мухIажир. Доккхачу декъанна, дуьненчуьрчу кризисе йолчу регионашкара бахархой дехьакхалхочу программан гурашкахь билгаляьхна оццул меттигаш аьлла бу Еврокомиссин хаам. Уггар хьалха оцу юкъабогIу Туркойчуьра а, Ливанера а, Иорданера а, Нигерера а, Руандера а мухIажирш аьлла, билгалдоккху мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу ООН-ан лакхарчу комиссаран урхалло.
2015-чу шарера схьа дуьйна, Еврокомиссин зерашца, 65 эзар сов мухIажир кхаьчна Евробертан кеп-кепарчу мехкашка. Уьш тIеоьцучу пачхьалкхна Евробертан бюджетера хIора мигрантах 10 эзар евро ло гIоьнна. ТIаьххьарчу шерашкахь Африкера а, Гергарчу Малхбалера а иттаннашкахь эзарнаш нах баьхкина Европе тховкIело еха.
Царех дуккхаъ хIаллакхилира Дуьненаюкъарчу хIордах дехьабовлучу хенахь. Масала, кху шарахь велла 400 стаг, бераш а цхьана.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?