ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политикан тутмакхийн наной пикете бевлла Путинан конференци йоьдучу меттигна гергахь


"Политикан репрессешна дуьхьал бу наной" боламан декъашхой цхьаалин пикеташка бевлла тахана Оьрсийчоьнан президентан пресс-конференци хIоттийначу Москварчу дуьненаюкъарчу йохкаран Центран гергахь. "Новая газетано" бина и хаам.

"Хаттийша президенте: цунна тIекхача гIерта наной мацаллехь буйла хаьий-те цунна?", "Оьрсийчоьно хIаллакбеш бу политикан тутмакхаш. Журналисташ, аш хIунда ца хотту царех?" - тIеязйина плакаташ дара гулбеллачийн карахь.

ХIора шарахь а санна, еаридийнахь йолийна дIахьош пресс-конференци ю Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран. 1700 журналист ву цигахь дакъалоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG