ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн гергара стаг тIечIагIвина керлачу даржехь


Кадырова Зулай а, Кадыров Рамзан а, Закриев Сахаб а
Кадырова Зулай а, Кадыров Рамзан а, Закриев Сахаб а

Кадыровн гергарчарна хIинца а дисина Iедалера даржаш

ГIуран-беттан 17-хь Гуьмсан кIоштан депутатийн кхеташоно дуьхаьл цхьа а воцуш меттигерчу администрацин коьрте хIоттийра Закриев Сахаб.

Хилларг харжамаш бар дацара, и стаг цу даржехь тIечIагIвар дара, хIунда аьлча иза цу дарже Лахьанан-беттан 11-хь хьалхатеттинарг вара парламентан гIантда Даудов Мохьмад а, ткъа иштта Iедалан гIантден хьалхара когаметта Тумхаджиев Iийса а. Ткъа иза сигнал яра депутаташна цунна дуьхьал бовла шаьш цабезий хоуьйтуш йолу, яздо Кавказ.Реалиино.

Символан кепахь кхажтасар дIадаьхьира кIоштан керла куьйгалхо депутаташ хаьржина аьлла сурт хIоттош.

Гуьмсан кIошта мехала лоруш ю Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Кхузахь ю цуьнан гӀалил арара резиденци. Гуьмсехь бизнес а, хIусамаш а, гIишлош а, кхин болу бахам а бу республикан куьйгалхочун доьзалан а, цуьнан гонерчу нехан а.

Керла хIоттийна куьйгалхо а ву Кадыровн "доьзалера" стаг. Иза ву Кадыровн йиша Зулай яханчу Закриев Салманан ваша.

Закриев Салман, Закриев Сахабан ваша
Закриев Салман, Закриев Сахабан ваша

Закриев Сахаб Ӏаларой-Эвлахь вина ву 1965-чу шарахь. 54 шо долчу кIоштан куьйгалхочо 1995-чу а, 2000-чу а шерашкахь дешна Москвахь Схьайиллина инститехь. Иза ву экономикехула Iилманан дарж долуш. Закриев болх бан волавелла 1996-чу шарахь Гуьмсан кIоштан белхан меттигийн центран коьрта инспектор санна.

2004-чу шарахь дуьйна Закриев дIалоцуш вара Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIуллакхийн урхаллан куьйгалхочун когаметтан дарж. ТIаьхьо цу урхаллан куьйгалхочун болх а бира цо 2013-чу шаре кхаччалц.

2014-чу шарахь Зазадоккху-баттахь иза хIоттийра Оьрсийчоьнан федералан миграцин сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан хьаькам. И дарж федералан тIегIанера хиларна цу хьокъехь омра динарг вара Оьрсийчоьнан миграцин сервисан (ФМС) куьйгалхо.

Республикехь миграцин сервисан урхаллан хьаькаман дарж уггар ахча дохьучех лоруш ду, ткъа цига хIоттош верг хуьлу республикан куьйгалхочун уллера стаг. Тамашийна дацара Закриев Сахаб цу даржера дIавоккхучу хенахь цуьнан метта хIоттийнарг Кадыровн нуц (цуьнан йоккхахайолчу йоIан Iайшатан майра) 22 шо долу Мациев Висхан хилар.

Сахабан ваша Закриев Салман ву нохчийн парламентан гIантден хаьлхара когаметта. Парламентан депутаташна гергахь болчу наха дийцарехь, Закриев Салман коьрта декхар долчух тера ду спикерна Даудов Мохьмадана тIехь Iуналла дар. И бахьана долуш парламентехь цуьнан мехала хилар алсам ду спикерал а.

Балхахь дIанисвина ву оццу Ӏаларой-Эвлара вахархо Сахабан вешин кIант Закриев ИбраьхIим а. 2018-чу шарахь дуьйна иза ву Соьлж-ГIалин мэр.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIаьхьарчу хенахь гуш-хезаш хуьйцуш бу лакхарчу даржашкахь болу нах. Цу даржашка хIиттош бу цо коьртачу декъана шен доьзалера а, ткъа иштта шен да Кадыров Ахьмат республикан куьйгалхо волуш дуьйна шайна муьтIахь хилла а нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG