ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхой: Оьрсийчоьнан гIоьнца Асадан эскарша тохарш до


ТIаьххьрачу кхаа дийнахь, бусий Шемарчу Идлиб провинцехь пачхьалкхан ницкъаша гIо а деш, оьрсийн авиацино тохарш дина 30 сов стаг вийна. Шеман адамийн бакъонашна тIехь мониторинг латточу центро бина цунах хаам. Оппозицин карахь йисина Идлиб "деэскалацин зонехь" ю, официалехь маслаIатан режим ю цигахь лелаш. Делахь а кест-кеста тийналла йохайо цигахь.

Шинаридийнахь Шеман къилбаседа-малхбузехь пачхьалкхан эскархойх вийна 14 стаг. Герзаш совцош ца хиларна эзар вахархочо шайн хIусамаш дIатесна аьлла, хааме даьккхина бакъонашларъярхоша а, жигархоша а.

Шеман президент Асад Башар лаьттахула тIелата кечамбеш хиларан билгало хила тарло Идлибна тохарш жигардахар. Цуьнан Iалашо ю Дамаск Алеппоца йозуш йолу коьрта магистраль юхаметтахIоттош белхаш боло. 2011-чу шарахь, тIемаш буьйлабалале хьалха, Алеппо гIала пачхьалкхан коммерцин центр лоруш яра. 2012-чу шарахь гIаттамхойн оппозицино некъ дIакъевлира.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG