ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу ФСБ-на тIелатар дина. Лазийнарш а, белларш а бу


Еарин суьйранна вевзаш воцчу стага, хетарехь, Калашниковн автомат йиттина Лубянкерчу ФСБ-н гIишлонна хьалха. Къайлахчу сервисийн юкъараллаца зIенаш латточу Центро хаамбарца, суьйранна 18:10 минот яьллачу хенахь ФСБ-н гIишло чохь долийна герз детта. Чевнаш йина некъан полисхо Фисенко Илья велла. Могушаллин министраллан информацица, чолхечу хьолехь ву кхин а ши ФСБ-н белхахо. Верриг а лазийнарг пхи стаг ву. Герз детташ гинчара а тIечIагIдина, масех стагна чевнаш йина хиларх.

ТIелеттарг кхоъ вара, ткъа хадархошца тасадаларшкахь ши зуламхо вийра аьлла, яздира юьхьанца "Москва" агенталло. Иштта церан версица, кхоалгIачо ара а иккхина, ГИБДД-н белхахо вийна, гIишлонна дуьххьал лаьтташ хилла. Цул тIаьхьа 300 метар вада аьтто баьлла, цхьана цIа чохь къайлаваьлла хилла иза. ТIекхиъначу ницкъахойн каяьлла иза вен.

ТIаьхьо ФСБ-н пресс-гIуллакххоша Iорадаккхарца, тIелатар динарг цхьаъ ву, ФСБ-н гIишло чу кхача аьтто ца баьлла цуьнан.

Цхьана ханна Москвахь "Сирена" план а йолийна, Лубянкина гонахара масех урам дIа а лаьцна, лаьттира герзаца болу нах.

Кхерамзаллан органийн белхахошна леринчу концертехь Кремлехь Оьрсийчоьнан президент вистхуьлучу заманчохь иккхина инцидент, "Интерфаксон" информацица.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG