ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш дIаяхйина Евроберто


Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна экономикан санкцеш дIаяхйина Евробертан Кхеташоно (ЕС) 2020-чу шеран Товбеца-беттан 31-чу дийне кхаччалц. Евросоветан сайтехь официалан хаамбина цунах лаьцна. Минскан дийцарш кхачо йоллуш кхочушдина цахиларан бахьана ду санкцеш тохар. Кху беттан 13-чохь ЕС-н саммитехь Германин канцлеро Меркель Ангелас билгалдаьккхира, "нормандин форматехь" хиллачу цхьанакхетарехь гIеххьачу прогресе кхачийна аьлла. Делахь а, йоллу санкцеш юхаяха тоаме дац иза аьлла канцлеро. Германин позицина тIетевжина Франци а.

Дуьххьара Москвана дозанаш туьйхира Брюссело 2014-чу шарахь, ГIирмана аннекси ярна а, Украинерчу сепаратисташна гIо латторна а. Цул совнах, Донбассерчу хьолана дестабилизаци йинчу оьрсийн бахархойн Евросоюзан мехкашкарчу банкашкахь латточу ахчанашна а блок туьйхира.

Шаьш Украинан агресси яр тIе ца дуьту Москвано. Еаридийнахь дIахьочу шен пресс-конференцехь президенто Путин Владимира даим а санна, юха а бакъ ца дира Украинан малхбалехь тIемаш беш оьрсийн эскархой бу бохург. Ишта Путина билгалдаьккхира, санкцеша дуьненан экономикана а, йохка-эцарна а зенаш деш хилар.

Президента дийцарехь, Евросоюзана санкцеша дина зен 50 миллиард еврон барамехь ду, ткъа Германин бюджетера хIора баттахь довш ду 750 миллион евро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG