ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна доьзалера бераш дIадаха бакъо яккха гIерта


Нагахь санна, бер доьзалехь дита кхераме мIаьрго хIоттахь, полисхошна и бер ханна цу хIусамера дIадаккха бакъо луш, Доьзалан кодексехь хийцамаш бар хьехна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

"Новости" агенталло яздо цунах урхаллан куьйгалхочо Колесник Станислава динчу дIахьедарна тIе а тевжаш. Амма, оцу бинчу хийцамийн бух тIехь дегара а, ненера бакъонаш схьаяха могуьйтур дац аьлла, билгалдаьккхина Колесника.

Берийн интересаш Iалашъечу социалан хьукматаш Iуьйранна исс сахьт даьлча суьйранна 6 даллалц бен болх беш яц, ткъа кхечу хенахь берашна кхераме хьал хIоьттича полицига хаамбо аьлла МВД-н векало.

Колесника ялийначу статистикаца, тIаьххьарчу 4 шерачохь Оьрсийчохь 92 проценте кхиъна дайша а, наноша а шайн доьзалшна дуьхьал дечу зуламийн терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG