ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров Джамбулатах "Нохчийн халкъан яздархо" вина


Министр Умаров Джамбулат
Министр Умаров Джамбулат

"Нохчийн халкъан яздархо" аьлла, сийлахь совгIат дина зорбан министрна Умаров Джамбулатна. Цуьнан кхоллараллин суьйрене веъначу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина и хаам, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

"Министр Умаров Джамбулат вац вай вазвийриг, йоллу Оьрсийчохь а, цул арахьа а гоьваьлла яздархо, поэт, философ, публицист ву. Нохчий- оьзда, къинхьегаме, шайн дукха заманара схьа йогIуш культура а, истори а йолуш къам дуйла гайта ницкъ кхаьчна цуьнан", - аьлла Кадыровс.

Я Онлайн-библиотекашкахь а, я интернет-туьканашкахь а "Оьрсийчохь а, дозанал арахьа а гоьваьллачу яздархочун" цхьа а книга лехча ца карийра "Кавказ.Реалиина". Бакъду, хьалхо зорбанашкахь хаамбира, Умаровс язйина "Грозный. Фактор КРА" (КРА – Кадыров Рамзан Ахматович ду) книга арахецарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG