Оьрсийчоьнан бахархошна Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета марздеш вара иза аьлла, талламан органаша бехкзуламан гIуллакх диллина Нохчийчоьнан вахархочунна дуьхьал. Кхарачойн-Чергазийчоьнан дозанхойн урхаллан белхахочо бина и хаам
"Интерфакс-Юг" агенталле. "Шемахь волчу цо, интернето лучу таронех пайда а оьцуш, керлачу чкъурах даIишхойн тобанаш юзуш хилла", - аьлла Кхарачойн-Чергазийчоьнан урхаллан векало.
Нохчийчоьнан Талламан комитетан оперативан-талламан жамIийн бух тIехь бехкзуламан кодексан 205-чу артиклан 1-чу декъехь бехкаш дехкина вахархочунна.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?