ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп даржера даваккха веза аьлла ца хета ах сов американцашна


Президент Трамп Доналд
Президент Трамп Доналд

Reuters/Ipsos талламехь дакъалаьцначерах 42% нах бен бац Сенато Трамп президентан даржера дIаваккха веза аьлла хеташ, хаам бо "Американ аз" портало.

Iамерикан Цхьаьнатоьхначу Штатийн ах сов бахархошна цахета, президент Трамп Доналд цу даржера дIаваккха веза аьлла, кхаарин дийнахь Конгрессан векалийн чоьно цунна импичмент кхайкхийначул тIаьхьа. Цунах лаьцна дуьйцуш ду еарин дийнахь арахецначу Reuters/Ipsos талламехь.

Дерригкъоман интернетан-хаттар деллера Конгрессан лахарчу чоьнерчу низамашдахархоша Трампана импичмент кхайкхо еза аьлла сацам бина маситта сахьт даьлча. Цу талламо гойту демократаш шеконе лелочо Iаткъам бина цахилар, шина декъе екъначу Iамеркан юкъараллина.

Импичментан билггал йолчу статьях лаьцна аьлча, 53% респонденташ реза хилла Трампа шен даржехь зулам дина бохучун, ткъа 51% бакъдина цо Конгрессо лелочун дуьхьало йина бохург.

42% гергга хаттарехь дакъалаьцначу наха, царах дукхахберш демократаш бу, аьлла Сенато Iедалера дIаваккха веза президент аьлла. Кхин а 17% респонденташна хета, Конгрессо емалдан деза Трампо лелийнарг аьлла, 29% боху импичментан статьяш нийса яц, бисинчу респонденташ аьлла шайн цу хьокъехь цхьа а ойла яц аьлла.

Юкъаралла хьалха санна екъаелла ю, ша харцонца даржера дIаваккха гIерташ бу демократаш бохучу, Трампана импичмент яр хьокъехь.

44% американцаш бен бац Трамп хьокъехь Конгрессо лелориг къобал деш. 41% респонденташа къобал ца йо импичментан процесс.

Талламца а догIуш, 26% респонденташ аьлла хIинца шаьш кхин а алсам гIортор йир ю Трампана аьлла, 20% кхечу агIор жоп делла. 48% наха ца хийцина шайна Трампах хетарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG