ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лубянкехь динчу тIелатарехь лазийна шолгIа ФСБ-н белхахо велла


Еаридийнахь Лубянкехь динчу тIелатарехь лазийна шолгIа ФСБ-н белхахо велла дарбан цIийнехь аьлла, хаамбина ТАСС агенталле Талламан комитетан официалан векало Петренко Светланас.

Еаридийнахь Москварчу ФСБ-н гIишлон гергахь герзаш диттинчу Манюров Евгенийн нанас дийцина хаамийн гIирсашка, тIаьххьарчу шерашкахь шен кIант хадархо вара, амма масех бутт хьалха балхара дIавелира иза аьлла. "Baza" хьосто дийцарехь, цо болх бинчех ю "Вымпел" спецназан ветеранашца йоьзна йолу "Вымпел-резерв" компани а.

Манюровн нанас дийцарехь, эскархойн могIарехь хилла вац цуьнан кIант. Жимчохь боксах лата Iемина вара. Герз кхосар дезаш а хилла, 3-4 шарахь Iаморашка лийлира иза аьлла, дийцина цо "Комсомольская правда" газете.

"Цхьана Iарбошца" зIенаш хуьлура цуьнан тIаьххьарчу заманчохь, къамел ингалсан маттахь дора, цундела шена ца хаьа цара хIун дуьйцура боху нанас. "Кгбшникаш бIаьргабан ца безара" шен кIантана аьлла нанас "Baza" хьостане.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG