ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Прилепин: Нохчийчуьра тIом бахархоша гIаттийна бара


Война в Чечне, артподготовка, 1999 год
Война в Чечне, артподготовка, 1999 год

Донбассерччу дукхахболчу бахархошна ца лаьа Украинехь баха аьлла яздархочо Прилепин Захара, регионехь лаьтта хьал Нохчийчохь хиллачуьнца а дустуш. "Ura.ru" хьостано яздо цунах альцна.

"Массарна а хууш ду, Добассерчу 90 процент бахархошна ца лаьа Укранехь баха. Нагахь санна, царна хетарг украинхойн цхьадолчу низамашца бIостане делахь, цуьнца цхьаннен а бала хила безаш бац бохург ду и? Сахалинехь а, ГIезалойчохь а дIахьо рейтингаш. Нохчашна а ца лаьа дIакъаста", - аьлла, дийцина яздархочо "Собеседник" газетаца хиллачу къамелехь.

Нохчийчоьнан бахархошна Оьрсийчоьнах дIахада цалаар, "уьш дIатебина" аьлла дац, бохуш, тIекхио гIерта Прилепин. Яздархо тешна ву, оцу регионехь беха оьрсий шайн даймохк безаш бу аьлла.

Цул совнах Донбассехь а, Нохчийчохь а хиллачу конфликтех дийцина публицисто. Нохчийчуьра тIом бахархоша гIаттийна бара боху цо, ткъа Донбассера гIуллакх конфликтца доьрзур дацара, нагахь санна, Киевера эскарш ца дахкийтинехь.

XS
SM
MD
LG