ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Макаревиче Оьрсийчуьра дIагIо боху нохчийн министро Умаровс


Нохчийн зорбан министр Умаров Джамбулат
Нохчийн зорбан министр Умаров Джамбулат

Оьрсийчоьнан бахархой "дог боьха дебилаш" ю аьллачу иллиалархочуьнга Макаревич Андрейга пачхьалкхера дIагIо аьлла Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата.

"Схьагарехь, кхолларалла вон яц цуьнан, сцени тIехь а къегина го, делахь а, тIаьххьарчу заманчохь цхьаболчу, оцу "дог боьхачу дебилаша"седарчий динчу, эстрадин векалшца цхьа тамашен метаморфозаш хуьлу-кх", - аьллачу Умаровн дешнаш далийна replyua.net.портало.

Макаревичан лелар иза къанваларца доьзна ду боху министро.
"Нагахь санна, Iамеркехь ваха самукъане а, комфорте а хилча, сте новкъарло йо цунна, вайн пачхьалкхехь ша текхон беза мохь охьатаса?", - ца кхета Умаров Джамбулат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG