ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасехь хиллачу митинган протестхочо мацалла кхайкхийна


Магасехь Зазадоккху-баттахь дIаяьхьначу митингехь Iедалан векалшна дуьхьал куьйгайдина аьлла, бехкевинчу жигархочо Вышегуров Мустафас мацаллин протест кхайкхийна талламан изоляторехь аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло.

"Со динехь лелаш стаг ву. Ас ца йошу маж. Суна гайтина дац, кху чохь маж лело дихкина ду аьлла, яздина документ. Соьца чохь ву Бадиев Адам цIе йолу жимстаг, иза а дуьхьал хилла маж яша. Шаьш карцер чу вуллур ву хьо бохуш, кхерамаш тийсина цунна а", - аьллачу жигархочун дешнаш далийна агенталло.

Цул совнах, Вышегуровс бахарехь, СИЗО-хь латточарна луш охьавижа мотт бац, чоь цIанъен гIирс а ца кхочуьйту, ишта йохъеш яц чоьнаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG