ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна жоп делла латархочо Емельяненкос


"Ахмат" клубан хиллачу латархочуьнца матч я ММА-н турнир хIотто ша кийчахилар дIахаийтинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна жоп дитина латархочо Емельяненко Александра." Вызови Емельяненко на бой" аьлла, ша кхайкхийначу флешмобна нохчийн лидеро гIо лаьцна шена аьлла хета Емельяненкона.

"Сан «Вызови Емельяненко на бой» аьлла, йолийна флешмоб сан доттагIчух Кадыров Рамзанах а дIакхетта. Ахмат Сила", - яздина латархочо Инстаграмехь.

Оьрсийчоьнан ММА-н ийначу кепехь латархочо Емельяненко Александра "Ахмат" клубаца контракт дах ца дира. Шен Инстаграмерчу агIон тIехь стохка Лахьан-баттахь бира и хаам спортхочо. "Лараме доттагIий, "Ахмат" клубаца бинчу бертан хан кхаьчна. Клубан куьйгаллаца цхьа барт хилла тхан, кхи дIа контракт дах ца дан. Латаршца спорт кхиош, цхьа гIуллакх дийр ду оха", - дIахьедира Емельяненкос.

2017-чу шарахь вара латархо "Ахмат" клубан декъахь. Спортехь волчу заманчохь Емельяненкос 27 толам баьккхина, 7 эшна иза.

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG