ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Coffee Feast 2019" фестивал дIаяьхьна Соьлжа-гIалахь


Сьлжа-гIаларчву зезагийн паркехь дIаяьхьна, туризман министраллан инициативаца, республикехь шолгIа вовшахтоьхна кофен «Coffee Feast 2019» фестивал. 10 кофейнерчу белхалоша жюрин тидаме йиллинера кеп-кепарчу рецепташца кечйина кофе. Ишта дIаяьхьира тоьлла бариста къастош конкурс а.

Жюрин жамIашца, хьалхара меттиг баьккхина Данбаев СаьIида, шолгIаниг - Махмаев Шемала, ткъа 3-гIа меттиг кхаьчна Мужеидов Шемална.
«Coffee Soul» кофейнера белхалой бу уьш берриш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG