Кредиташ токхуш шарахь шена догIучу алапах 18,7% дакъа банкана дIадала везаш ву Нохчийчохь хIора белхахо. Цунах лаьцна дуьйцу РИА Новости агенталло.
Цу гайтамехь 5-гIа меттиг дIалоцуш ю Нохчийчоь, уггар кIезиг банкера юхалург ахча эцна бахархой бехачу регионашна юкъахь.
ХIалхарчу меттехь ю ГIалгIайчоь (9,9%,), цунна тIаьхьа йогIуш ю Оьрсийчоьно дIалаьцна йолу Украинин ГIирма (13,9%), тIаккха - Севастополь - 15,9%. 4-чу меттехь ю Дагестан (17,9% ).
Уггар дукха кредиташ эцнарш бу ГIалмакхойн республикера бахархой - 86%.