Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бина ша кийча хиларх лаьцна, уггар ирачу хатташна жоьпаш дала хIора шарахь хуьлучу шен зорбан конференцехь. Цо дийцарехь, иза хир ду, тахана, ГIуран-беттан 23-хь ЧГТРК "Грозный" студехь.
Нохчийчоьнан хьалханчо чIагIдерхь, дIадаханчу шарахь баккхийн кхиамаш баьхна республикехь "экономикехь а, социалан сферехь а, юкъараллин-политикан дахарехь а".
"Ша кийча ву... дог цӀена къамел дан", - яздина Кадыровс шен Инстаграмехь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.