ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга делла хаттарш луьстур ду Даудовс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

«Грозный» ЧГТРК -н студехь зорбан конференци дIаяьхьна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Нохчийчоь тахана" агенталло бинчу хаамца, цуьнга хаттарш делира меттигерчу а, федералан а зорбан гIирсаша а, ткъа иштта республикерчу бахархоша а.

Официалан болчу хаамца, Кадыровга дерриг а делла 9 589 хаттар. Цо жоп делла 38-на. Иза дан цунна эшна 5 сахьт 25 минот.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедар дина, республикехь леррина комисси кхуллур я ша, парламентан спикер Даудов Мохьмад коьртехь а волуш аьлла. Цу комиссино луьстур ду республикерчу бахархошкара кхаьчна хаттарш а, кхайкхамаш а, дехарш а. Кадыровс дош делла, цхьа а хаттар тидам боцуш дуьтур дац ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG