ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн программа галъяьккхинчун миллион доллар лур ду Apple корпорацино


iPhone Xs Max (R) а, iPhone Xs а
iPhone Xs Max (R) а, iPhone Xs а

Америкин Apple корпорацино хакершка кхайкхам бина iPhone-ан а, Apple Watch-ан а, iCloud-ан а кхин болчу гIирсийн а программа галъяккха аьтто баьллачун цхьа миллион доллар луд ду шаьш аьлла, хаам бо «360» телеканало.

Цу компанин белхахо хиллачу Депп Даниелана хетарехь, иза рогIера программа зер ду, кхерамазалла ларйеш цуьнан ледара меттигаш лохуш. Цо дийцарехь, Apple корпорацин дуккха а конкуренташ бу, цундела цунна "цхьаьнаметта ши лергаяхар ен" лаьа: "Iуьргаш дIадукъа" а, "хIакерийн ахча даккха аьтто бан" а.

Эксперт тешна ву iCloud цхьана а дега галъяккхалур яц бохучух. Амма цунах пайда оьцучу гIирсийн кхачамбацарш хила мега, аьлла хета цунна. Apple санна йолчу инзаре йоккхачу корпорацийн даима а ца болу аьтто шайн техникица йоьзначу проблемашна тIаьхьакхиа. Цундела лоьху цара арара гIо.

Деппа дийцарехь, хIакерш компанийн белхахой санна изза программисташ бу, уьш санна качбина а, малбелла а боцуш болу".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG