ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дудаевс гIалгIашна елла 7 юрт юхаерзо бакъо ю шайн, боху Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ЧГТРК "Грозный" телеэфирехь пресс-конференцехь кIоршаме комментари йина ГIалгIайоьнца латтанаш къасторца доьзначу хаттарна, яздо Кавказ.Реалиино, "Фортанга" телеграм-каналана тIе а тевжаш.

Кадыровс дийцарехь, нагахь гIалгIайн халкъ вежарийн санна тIеоьцуш дацахьара, цара схьайокхур яра Дудаевс Аушевна цхьана ханна елла йолу 7 юрт.

"Нагахь уьш дукха ловза буьйлалахь, оха юханехьа схьаоьцур ю тхайн ярташ. Юридикан бакъо ю тхан иза дан", - аьлла Кадыровс.

"Тхо эшам хилла ду, тхо бехке деш а ду, гIалгIайн халкъ лоруш тхо леллехь а. Вай реза доцуш хIумма а дац. Вай кхин дIа а кхиа дезаш ду. Уьш а хуьлийла кхуьуш", - элира Кадыровс цу хаттарехула къамел дерзош.

«Грозный» ЧГТРК -н студехь зорбан конференци дIаяьхьна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шинаринбуса. "Нохчийчоь тахана" агенталло бинчу хаамца, цуьнга хаттарш делира меттигерчу а, федералан а зорбан гIирсаша а, ткъа иштта республикерчу бахархоша а.

Официалан болчу хаамца, Кадыровга дерриг а делла 9 589 хаттар. Цо жоп делла 38-на. Иза дан цунна эшна 5 сахьт 25 минот.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедар дина, республикехь леррина комисси кхуллур я ша, парламентан спикер Даудов Мохьмад коьртехь а волуш аьлла. Цу комиссино луьстур ду республикерчу бахархошкара кхаьчна хаттарш а, кхайкхамаш а, дехарш а. Кадыровс дош делла, цхьа а хаттар тидам боцуш дуьтур дац ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG