ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нагахь эшахь бойур бу". Кадыровс юха а шена хетарг дийцина сий дойуш къамелаш дечу нахах лаьцна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана юха а кхерам тесна шена сий дойуш хIуманаш дуьйцучарна, хаам бо Кавказ.Реалиино. Оршотан сарахь "Грозный" телеканалехь хиллачу пресс-конференцехь, критика муха тIеоьцу ахь аьлла, шега хаттар дича, цо жоп делира шен сий дойуш къамелаш деш верг эшахь вуьйр а ву ша аьлла.

"Со кхета тхайна дуьхьал тIом бечу стагах. Иза цунна диталур ду соьга. Амма сий дойуш хIуманаш дуьйцучун эзарз таIзар дийр ду. Нагахь сий дойуш хIуманаш дийцахь, сий дойур ду цуьнан. Нагахь гIело яхь, гIело йийр ю цунна. Нагахь вен эшахь вуьйр ву. Баганан дола дан деза. Ца оьшу сий дойуш хIуманаш яздан", - варе бира шена луьш болу нах Кадыровс.

Кадыровс хьалха а аьллера "эладитанаш даржош а, мостагIалла кхуллуш а болчу комментаторех" лаьцна шена хетарг. Цу хенахь а элира цо цу тайпачу комментарийн авторш "кхерор бу, чубухкур бу, бойур бу" аьлла.

Дуккха а зорбанан гIирсаша цунна тIе тидам бахийтинчул тIаьхьа, республикан куьйгалло Кадыровна бехкаш бахкар бух боцуш лерира, цуьнан дешнаш нохчийн маттера гочдар нийса дацара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG