ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу политикан тутмакхийн тептар карладаьккхина "Мемориало"


"Мемориал" бакъонаш ларйон центро арахецна Оьрсийчохь политика бахьана долуш чубоьхкинчу тутмакхийн карладаьккхина тептар. Цунна юкъатоьхна ву хIинца 314 стаг. Царах 250 чувоьллина ву дин бахьана долуш, ткъа кхин 64 набахтехь латош ву политикан бух болуш.

Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, кхушара Оьрсийчохь алсамдаьлла политикан тутмакхийн терахь. "Мемориалана" хетарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша сихонца маьршабаха безаш бу пачхьалкхехь латто берш а политикан тутмакхаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG