ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норильскехь кхаъ эцарна лаьцна прокурор Гутаев Хаваж-Бауди


Норильск
Норильск

Федералан кхерамазаллин сервисан белхахоша Красноярскан махкахь лаьцна Норильск гIалан прокуроран декхарш кхочушдийриг Гутаев Хаваж-Бауди. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо". "Бехктакхаман гIуллакх долийна "кхаъ эцарна", Гутаев лаьцна ву", - хаам бина цу агенталлан хьастано.

Красноярскан мехкан прокуратуран зорбан сервисехь тIечIагIдина иза.

Болчу хаамца, Гутаев Хаваж-Бауди вина Нохчийчуьрчу Шелахь 1987-чу шарахь. 2010-чу шарахь дуьйна иза болх беш хилла Нохчийчьурчу прокуратурехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG