ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша-тайпа экономикан зона кхуллур ю Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Оьрсийчоьнан Iедало сацам бина Соьлж-ГIалахь ша-тайпа экономикан зона кхолла. Цунах лаьцна хаам бина шен telegram-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Дуьххьара ша-тайпа экономикан зона кхолларх лаьцна хаттар хьахийнера ас Оьрсийчоьнан премьер-министрца (Медведев Дмитрийца) 2018 шарахь сайн цхьаьнакхетар хилча". Цу хьокъехь бина сацам боккха чулацам болуш бу тхуна", - билгалдаьккхина Кадыровс.

Соьлж-ГIалахь ша-тайпа экономикан зона кхолла мега аьлла, хаам бинера хьалхо "Коммерсант" газето, яздо Кавказ.Реалиино. Цу тайпа хьалхататтар динарг яра Оьрсийчоьнан экномикан кхиаран министралла.

Цуьнан проектаца а догIуш, юьйцург ю индустрин-кхолларан тайпа территори. Иза кхолла федералан бюджетера гергарчу шина шарахь лур ду 4 миллирд сом. И ахча жойур ду инфраструктура кхуллуш. 40 миллион гергга сом хьажор ду цу хьашташна республикан бюджетера а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG