ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киев: Сайнароевн гIуллакх прокуратуре юхаделла


Материал кечйинарг "Кавказ.Реалиин" автор Деркач Анвар

ГIалгIайн жигархочун Сайнароев Салманан гIуллакх листа дуьхьал хиллачу Киеверчу апелляцин кхело кхачо йоллуш талламбе аьлла, юхадахьийтина прокуратуре. Сайнароевн адвокато Симоненко Златас бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале.

"Сайнароевн бехк тIечIагIбеш чукхачийна кехат прокуратуре юхадахьийтина, кхин а а тIехь болх бе аьлла", - дийцина адвокато.

Ша Сайнароевс а бакъйина и информаци. И сацам хиллачул тIаьхьа, ша маьрша ву аьлла, билгалдаьккхина цо, Украинехула дIасалелар доьхкуш тоьхначу дозанах.

Хьалхо, Киеверчу Дарницкан кIоштан кхел дуьхьал хилира Сайнароевн гIуллакх листа. ГIирмерчу гIезалойн Меджлисан куьйгалхо Чубаров Рефат а, Шейх Мансуран цIарахчу батальонан командир ЧIебарлойн Муслим а юкъахIоттаран бахьанашца лаьцначуьра дIахийцира иза.

Стохка ГIадужу-баттахь лецира Сайнароев, Киевера ювелиран туька а хьош, стаг верна юкъахь хилла ву аьлла, шеконаш кхоллаелла. ТIаьхьо туьканан хадархо вуьйш дакъалаьцна ву аьлла, шолгIачу бехках ваьккхира Сайнароев.

Талламо чIагIдарца, Сайнароевс тIелатар динера туьканна стохка аьхка ГIалгIайчуьрчу Орцханов Мурадца а, Мальсаговца а цхьана. Сайнароевл а масех де хьалха каравеанера полисхошна Орцаханов.

Полисхоша чIагIдарехь, зулам динчу меттигехь карийначу тоьшаллийн ДНК экспертиза йинчул тIаьхьа, шеконаш кхоллаелла Сайнароевн хьокъехь. И цхьа улика бен яц цунна дуьхьал. ДНК ян материал оьцуш процессуалан къепе йохийнераа, улика а фальсификаци ю бохуш, дIахьедо адвокаташа.

ФСБ-н дехарца, Украинан Инарла прокуратурано экстрадици йинчу Къилба-ХIирийчоьнан Пригородный кIоштарчу вахархочунна Тумгоев Тимурна а, кхечу Къилбаседа Кавказера схьабевллачу бахархошна а гIоьнна накъостий вовшахтоьхна хилла Сайнароевс.

Къилбаседа-Кавказан гонашкарчу тIеман кхело 18 шо кхайкхийна Тумгоевна, Шемарчу даIишхойн тобанца лаьттина ву аьлла.

Билгалдоккху, экстремизмалла лелийначийн Росфинмониторинга вовшахтоьхначу тептарна юкъавахийтина Сайнароев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG