ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дейишас йиттина хилла 7 шо долу Ажигова Iайша араялийтина дарбанан цIийнера


Ажигова Iайша, архивера сурт
Ажигова Iайша, архивера сурт

Дейишас ницкъ бина хилла ГIалгIайчуьра 7 шо долу Ажигова Iайша ГIура-беттан 25-чохь араялийтина Москварчу берийн хирургин а, травматологин а дарбанан цIийнера, хаам бо Ren.tv телеканало.

Ажигова Iайша гергарчара нуьцкъаша дIаяьккхина хиллера ненера. Цунах лаьцна дийцира 7 шо долчу йоIан нанас Евлоева Лидияс.

Товбецан-баттахь Ажигова вочу хьолехь дарбанан хIусаме ялийнера Несарахь. Цул тIаьхьа сихонца иза дIакхачийра Москварчу клинике. Лоьраша куьйган дакъа дIадаьккхина цуьнан, йина чевнаш харцахьа йовларна.

ЙоIан дейише Ганиева Макке бехккховдийна, цо беран могашалла леррина галъяккхарна. Талламхоша дийцарехь, йоIана хаддаза етташ хилла цо. Ганиеван версица, нанас шен лаамехь дIаелла хилла цаьрга Iайша, иза кхаба аьтто ца хиларна.

Евлоевас дийцина жуналисташка, ша даима а Макка йолчу эхара йоI схайоьхуш, амма цара эккхайора ша аьлла. Нанас чIагIдо, шена ца хаара бохуш, йоI оццул кIизачу хьолехь латтош хилар.

Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан декъашхочо Хамчиев Белана дIахьедар дина Евлоевана а, цуьнан кхаа берана а Магасехь петар елла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG