ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкхана" ахча дахьийтарна 6 шо хан тоьхна Нохчийчоьнан махкахочун


Ростов туп тоьхна йолчу Къилбан тIеман гонан кхело хан тоьхна Астраханан махкахь вехачу Нохчийчоьнан махкахочун. Иза бехке вина террорхошна гIо дарна, яздо "Регнум" агенталло.

Талламхойн версица, 32 шо долчу Адыгаев Iийсас ахча дахьийтина хилла "Исламан пачхьалкх" тобанна. И ахча цунна делла хила мила ву къасто аьтто ца баьллачу стага.

Талламхоша чIагIдарехь, Адыгаев машенахь дIасалелаш хилла шеца тIеман гIирс а, патарманаш а, нароктикаш а эцна.

И стаг 6 шаранна дIахьажийна суьдхоша юкъерчу барамехь раж йолчу колонехь хан такха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG