2020-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь керлачу машенашна регистраци ян аьтто хир бу автосалонехь, ГИБДД а ца воьдуш.
Цу хьокъехь болчу сацамна тIе куьг таIийна премьер-министро Медведев Дмитрийс. Цунах лаьцна хаам бо "Коммерсант" газето, цу сацамна тIе а тевжаш.
Амма, дийцарехь, иза дан бакъо хир ю леррина машенна таллам бан Iамийна белхахо волчу полицин реестр юкъатоьхначу туьканахь.