ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратова: "Британерчу вовшахтохаралло Нохчийчоь демократи ларда тIе яккха 20 000 000 доллар къастийна"


Британерчу Iедалшца йоьзна йоцчу цхьана вовшахтохаралло Нохчийчоь демократин ларда тӀе яккха 20 000 000 доллар къастийна республикана, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас, Кадыров Рамзанан пресс-конференци дIайоьдуш. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино.

Юкъараллин жигархочо дийцарехь, цу вовшахтохаллица ша дӀасакхехьийтина кехаташ цо дIаделла республикехь къоман политикехула министр волчу Умаров Джамболате.

Саратовас иштта билгалдаьккхина, ша бехке еш ю "Кадыровн бакъонаш ларъярхо хиларна", амма ша дозалла до цунах аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG