ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусалбанийн агIо лоцуш


Волкова Алиса

Ткъе цхьаалгIа бIешо доладелчхьана схьа бусалба динца доьзна Европан кхело теллинчу девнех уггаре гIарадаьлларг дара Австрерчу Садабич-Вольф Элизабетин дов.

2011-чу шарахь оцу зудчо, Мохьаммад Пайхамар педофил хилла, аьлла, маьттаза къамел динера, цунна 480 евро гIуда туьйхира Венерчу криминалан кхело. Цул тIаьхьа 7 шо даьлча, стохка, Садабич-Вольфан арз листира Страсбурго. Амма ца елира кхел атеистан агIор – бехкейира иза бусалбанашна вас ярна.

«Сабидич-Вольф, цуьнан биографино гайтарехь, хан хьалха яьхначух тера ду ГIажарийчохь. Цо шен цхьана интервьюхь аьллера, бусалба мехкийн дахаро къахкийна ша бусалба динах, шена ца тов и дин. Ша «исламан эксперт» ю олу оцу зудчо. Амма луьйш а ю Исламна, цундела алалур дац соьга иза хьакъ ю эксперт хила», - боху гIалгIайн журналиста, бакъоларъярхочо Евлоева Изабеллас.

Мохьаммад Пайхамарах, иза педофил хилла, цо Iайша тIех жима йолуш йигина, олий, буьйлало критикаш-атеисташ, ткъа иза мел бакъ хилча а, яц иштта дийца бакъо, зама а, гонахара хьал-дахар а кхин хилла Пайхамаран хенахь, боху Евлоевас.

Дин сийсаздарна луьсту девнаш адаман оьздангаллах дозаделла ду, аьлла хета «Кавказ.Реалиица» къамел динчу дуьненаюкъара низамаш девзачу юристна Соколкова Марияна.

"И тайпа девнаш этиках, оьздангаллах хьакхалуш а, даима а санна, гIарадовлуш а ду. Кхел декхаре хуьлу шина кепарчу маршонна юкъара доза билгалдаккха. Цхьана агIор – динан маршо, вукху агIор – хетарг ала бакъо. Делахь а, нийса дац оцу маршонаша елла бакъо питане ерзор», тешна ю Соколкова.

Яхначу гурахь кхин а цхьа резонансе даьлла дов листира Европан кхело: «Белгина дуьхьал Лачири». Иза Брюсселехь йоьдучу цхьана кхелера араяьккхина хиллера, коьртахь хьиджаб ю аьлла. Европан кхело бехкейира Белги бусалба зудчуьнан бакъо эшорна.

Лачирин дов дийцадаьккхира Белгин а, Францин а юкъараллаша – адамашна духарца динан билгалонаш гайта доьхку сацамаш арахеца гIертара хIетахь шина а мехкан Iедал.

Кхин а хьалхо дара хьолахошна динан духарахь лела нах балха ца эца маца мега къастош Страсбурго сацам арабаьккхича. Нагахь санна, масала, хиджаб йоьхна зуда шайна балха эца ца лаахь, шайн фирманийн программашкахь гайта и бехкам, адамашна хьалххе дIайовзийта шайн дресс-код, иза ца дича, аш лелориг дискриминаци хуьлу, бохура оцу сацамо.

Ала деза, хьиджаб а, никъаб а дуккхаза а хьехийна Европан кхелехь. 2014-чу шарахь кхело бинчу сацамо бохура, Францехь никъаб лелон доьхку низамхила торуш ду, цо ца хьошу адамийн бакъонех йолу Европан конвенци. Амма Страсбурган и сацам емалбира Дуьненаюкъарчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG