ММА латархочо Емельяненко Александр реза хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца боксах лата, хаам бо BMF.ru сатйо.
"Ас тIеоьцу хьан кхайкхам, сан ДоттагI Рамзан! Со кийча бу хьоьца бокс ян!", - яздина Емельяненкос ша дIахIоттийначу видеона кIеллахь.
Шен дIахьедарехь спортхочо билгалдаьккхина, хир долчу латарца шаьшшимма пропаганда йийр ю спортана а, уьнах цIена дахаран кеп лелорна а аьлла.
Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Instagram-хь латаре кхайкхинера Емельяненко Александр.