ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петербургехь лор вен гIортарна кхел йийр ю нохчочун


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Петербурган прокуратуро кхеле хьажийна 2016-чу шарахь Зазадоккху-баттахь лор Адхамов Бахтияр вен гIортарца доьзна теллина бехктакхаман гIуллакх. Цхьаммо лаьцна стаг вен гIортарна а, герз лелорна а бехке веш ву Нохчийчуьра схьаваьлла Муртазаев Апти, хаам бо "Интерфаксо".

Талламан версица, Муртазаевс 5 миллион соьмах вен везаш хилла Ахдамов. Цу Iалашонца, № 54 йолчу гIалин поликлинакан неIаре а веана, балхара араволучу лоьрана 8-зза герз тоьхна цо (муьлха герз хилла къасто аьтто ца баьлла). Амма Адхамов дийна висина сихха лоьрийн гIо кхачарна.

Лор вен стаг лаьцнарг къайлаваьлла, иза кхайкхийна дуьненаюкъарчу лехаме. Муртазаевн гIуллакх къастор ду Калининан кIоштан кхелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG