ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн жихархочун Вышегуровна хан кхайкхийна кхело


Магас
Магас

Цхьа шо 5 бутт колонехь-поселенехь даккха хан кхайкхийна кхело гIалгIайн жигархочун Вышегуров Мустафана. Иза бехке вина суьдхоша Магасерчу митингехь ницкъаллин структурийн белхахошна тIелатарехь дакъалацарна.

Вышегуровс шен бехк хилар тIелаьцна, амма дIахьедар дина ша дохкаваьлла хилар тидаме ца эцна кхело аьлла.

Юкъараллин жигархочун адвокато билгалдаккхарехь, талламан изоляторехь даьккхина хIора де колонехь-поселенехь даьккхина ши де санна лоруш хиларна, Вышегуров маьршаволуьйтур ву тIедогIучу шеран Дечкен-бутт юкккъе баьлча.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG