Нохчийчоьнца доза нийса ца къастийна, бохуш Магасехь митингаш вовшахтоьхначерах волчу Мальсагов Мусана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна экстремистийн юкъарло кхолларна. Цунах лаьцна Фейсбукерчу шен агIонехь яздина цуьнан адвокато Беков Магомеда.
Адвокато дийцарехь, цуьнца зIене ваьллачу талламхочо хаам бина, жигархо Владикавказерчу талламан изоляторе дехьаваьккхина хиларх лаьцна.
Кхушеран Оханан-баттахь (апрель) ГIалгIайчохь лецира, 10 де-буьйса набахтехь а даьккхина, араволу гIалгIайн кхо жигархо - Барахоев Ахмед а, Чемурзиев Барах а, Мальсагов Муса а. Цаьрга бехк кховдийнера Iедал векалшна ницкъ бина аьлла.
Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь митинг дIаяьхьира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш барт барна дуьхьал. ШолгIачу дийне яьллачу цу акцехь тасадаларш хилира гулбеллачийн а, полисхойн а. И бахьана долуш толлучу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна ву 30 гергга стаг.