ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнатоьхначу Штаташа цхьа бутт хан елла "Северный поток-2" проект кхочушъяр сацо


"Северный поток-2" (Nord Stream 2) проектана лерина биргIанаш.
"Северный поток-2" (Nord Stream 2) проектана лерина биргIанаш.

Цхьаьнатоьхначу Штаташа варе йина Балтийн хIорда бухула "Северный поток-2" газан биргIа юьллуш йолу компанеш, тIедогIучу шеран Дечкен-беттан 20-гIа де тIекхаччалц цера хан ю аьлла, цигара болх сацо.

Цул тIаьхьа биргIа юьллуш белхаш бечу компанешна дуьхьал санкцеш кхайкхо мегаш ю Америко, дукха хан йоцуш тIеэцначу низамца а догIуш. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан сайта тIехь пIераскан дийнахь арахецначу энергетикан ресурсийн Бюрон дIахьедарехь.

Американ низамца а догIуш, санкцеш кхайкхор ю 30 метр гергга кIоргенел а лахахь биргIанаш яхка "Северный поток-2" проектана хIордан кеманаш лучу компанешна.

"Американ аз" зорбан гIирсо билгалдаккхарехь, "Северный поток-2" гIортор еш ю Украинина дуьхьал агресси йинчу Оьрсийчоьнна. Цхьаьнатоьхна Штаташ иштта гIо дан гIерташ ю Европина Оьрсийчоьнан газах иза йозуш ца хилийта.

"Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iалашо ю "Северный поток-2" газан биргIа йиллар сацо", - дуьйцуш ду дIахьедарехь, Оьрсийчуьра Германе газан биргIанаш тасарна Америка дукха хенахь дуьйна дуьхьал хилар билгал а доккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG