ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан векал тIекхайкхина Польшин арахьарчу гIуллакхийн министралле Путин аьлларг бахьана долуш


Оьрсийчоьнан Польшера векал Андреев Сергей

Оьрсийчоьнан Варшавера векал Андреев Сергей пIераскан дийнахь тIекхайкхинера Польшин арахьарчу гIуллакхийн министралле ШолгIа дуьненан тIом болабаларан контекстехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дина дIахьедарш бахьана долуш.

Польшин арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Пжидач Марчина билгалдаьккхина шайн пачхьалкхан куьйгалло вуно реза цахилар хаийтина Путинан а, кхин болчу оьрсийн куьйгалхойн а "историн харцонашна". Цо дийцарехь, Путина тIаьххьара дийцинарг ду Сталинан хенара мотт лелор а, тоталитаризман прпаганда яр а бухе диллина.

Оьрсийчоьнан Iедалша харцхьадоккхуш ду ШолгIачу дуьненерчу тIеман сурт, дIахьедар динера Польшин арахьарчу гIуллакхийн министралло кху деношкахь. Цу кепара комментарий йинера Варшаво Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIом болалуш хIоьттина хиллачу хьолах лаьцна дийцинчун.

Чиллан-беттан 19-хь Оьрсийчоьнан президенто дIахьедар динера, Советан Союз тIаьххьара пачхьалкх яра Германица вовшашна тIелетар дац аьлла барт бинарг. Путина иштта дIахьедар дира "Польша дакъалоцуш яра Чехословаки йоькъуш" аьлла.

Польшин арахьарчу гIуллакхийн министралло Путинан дешнаш тера ду аьлла "Сталинан тоталитаризм йолчу хенахь хиллачу пропагандин дIахьедаршца".

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG