Forbes журналан версица тIаьхьарчу 10 шарахь уггар дукха ахча даьккхина боксан дуьненан чемпион хиллачу Мейвезер Флойда. 2010 – 2019 шерашкахь американцо даьккхина 915 миллион доллар. Цу ахчанах ах сов гонорар ю филиппинхочуьнца Пакьяо Мэнница а, ирландохочуьнца Макгрегор Конорца а латарна цунна елла.
ШолгIа а, кхоалгIа а меттигаш дIалаьцна футболхоша: Роналду Криштианус ("Ювентус") даьккхина 800 миллион доллар, ткъа Месcи Лионела ("Барселона") – 750 миллион доллар.
Forbes-ан версица 10 шеран уггар хьал долчу 10 спортхочун тептар иштта ду:
1. Мейвезер Флойд (бокс) — 915 миллион доллар;
2. Роналду Криштиану (футбол) — 800;
3. Месси Лионел (футбол) — 750;
4. Джеймс Леброн (баскетбол) — 680;
5. Федерер Роджер (теннис) — 640;
6. Вудс Тайгер (голф) — 615;
7. Майклсон Фил (голф) — 480;
8. Пакьяо Мэнни (бокс) — 435;
9. Дюрант Кевин (баскетбол) — 425;
10. Хэмилтон Льюис (формула-1) — 400.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?