ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хийцар кечдар: Украинерчу кхелаша арахоьцуш бу чубоьхкина нах


Киевера кхел
Киевера кхел

Украинин цхьамогIа гIаланашкахь кху тIаьхьарчу деношкахь лаьцначуьра араваьккхина 10 сов стаг. Дийцарехь, уьш бу Оьрсийчоьно гIортор ечу Донбассерчу сепаратисташца хуьйцур болчу нехан тептаршна тIехь, хаам бо Маршо Радион Украинин сервисо.

Лецна а, йийсарехь болу а нах хуьйцур бу аьлла барт бира кху беттан 9-чу дийнахь Парижехь "нормандин форматехь" хиллачу цхьаьнакхетарехь Оьрсийчоьнан а, Украинин а, Францин а, Германин а лидерша.

ТIаьххьара болчу хаамашца, иза хир ду ГIура-беттан 29-хь. И хаам официалан кепара тIечIагIбина бац.

Дийцарехь, Украино сепаратисташна дIалур ву 87 стаг, ткъа "ДНР" а, "ЛНР" а олучу тобанаша Украине - 55. И терахьаш хийцадала а мега.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG