ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадан эскарш тIелатарна дуьхьал акци хилла Истанбулехь


ХIара сурт даьккхина ГIуран-беттан 24-хь. МухIажираш дIаоьхуш бу шемахон-туркойн дозане.
ХIара сурт даьккхина ГIуран-беттан 24-хь. МухIажираш дIаоьхуш бу шемахон-туркойн дозане.

Истанбулехь, бIаьннаш демонстранташ дакъа а лоцуш, акци хилла Идлиб провинцина тIелеттачу Шеман эскарна Оьрсийчоьнан тIеман дакъоша гIортор ярна дуьхьал. Дукхах болу цу акцин декъашхой бара Туркойчохь бехаш болу шемахой. Цара кхийкхайора Путинна дуьхьал хьажийна лозунгаш, ша аьлча, "Адамаш дайархо Путин, дӀаяхийта Шемара!" бохуш. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Шеман эскаран дакъош тIедуьйладаларна Идлибера арабовлуш бу дуккха а эзарнаш мухIажираш. Шеман къилбаседа-малхбузера и провинци тIаьххьара йоккха регион ю Ефратана малхбузехьа, Асадан режимна дуьхьал болчу наха Iуналла деш йолу, хаам бо Би-би-си-но.

Идлиб гIалана деза герзаш детташ ду Шеман эскарш Лахьана-беттан чакхенехь дуьйна. Царна гIортор еш ю оьрсийн авиаци. Дамаско а, Оьрсийчоьно а тIе ца лоцу шаьш маьрша бахархошна бомбанаш а, яккхийн тоьпаш а етта бохург, шаьш экстремисташца тIом беш ду бохуш чIагIдеш.

Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Вовшахтохаралло ларарехь, мухIажарийн терахь ду цигахь 235 эзар сов стаг. Царах дукхаха берш дIагIерташ бу Идлиба провинцин къилбаседехьа йолчу мухIажараш дIатарбинчу меттигашка я луларчу Алеппо.

Кху деношкахь Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда кхайкхам бира Оьрсийчоьне а, Шеме а, ГIажарийчоьне а Идлибехь маьрша бахархошна герз деттар сацаде аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG