Волжскан гIалан кхело бина сацам бахьанехь эргIадвахана кхайкхам арахецначу стага юхаэцана ша дийцинарг, хаам бо Кавказ.Реалиино.
ГIура-беттан 27-хь Волжск гIалан кхело 14 шо луьрчу хьолехь колонехь даккха хан туьйхира Нохчийчуьра схьаваьлачу стагана. Цунах лаьцна хаам бира "КП Волгоград" сайто, областан кхелан зорбан сервсисна тIе а тевжаш. Цу бехктакхаман гIуллакхехула, 3-нна тIера 11,5 шаре кхаччалц хенаш а тоьхна, чувоьллина кхин 9 стаг.
Уьш бехке бина талораш деш тIелетарш дарна а, кхерамаш туьйсуш ахчанаш дахарна а. Кхел йинчул тIаьхьа чувоьллинчерах цхьаннан вашас нохчийн юкъараллин жигархошка видеокхайкхам арахецнера суьдо бина сацам нийса бац аьлла.
Низамашца догIуш доцург лелийнера цара, амма леррина вовшахтоьхначу зуламан тобан декъашхой бацара уьш, ткъа оццул яккхийн хенаш цу нахана тохаран бахьана ду уьш нохчийн къомах хилар, чIагIдора цу стага.
Инстаграмерчу @pro_chechnya агIонехь хIинца керла кхайкхам арахецна роликан авторо. Цо дийцарехь, цо хьалха аьлларг "нийса ца кхетийна" наха, цундела дехар до цо ша дIаязйина видео кхин ма яржаяхьара бохуш.
Цу стага хIинца, чIагIо а еш дуьйцу, Волгорадерчу "вайн векалалло" шайна гIо дира, ткъа "вайн" (респуубликера) Iедал терго еш ду чубоьхкичарна ницкъ ца байта а, Iаткъам ца байта а, бохуш.