ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIов къевсина, стаг вийна ГIалгIайчохь


ГIалгIайчуьрчу Соьлжехь (хьалхо Орджоникидзевки олуш хиллачу) юьртахь яхначу буса герзаш детташ иккхинчу девнехь вийна махкара вахархо Евлоев Асламбек. Оцу хьокъехь «Кавказ.Реалиига» хаамбина меттигерчу бахархоша.

Йовлой а, Полонкой а тайпанашкара божарий къовсабелла ламьнашкарчу Пхьалингера бIаьвнаш хьенан ю къастош. Социалан машанашкахь болийна къовсам, цхьаьна а кхетта, цIийне бирзина цара тIаьххьара а.

Полонкойх човйина, дарбан хIусаме кхачийна цхьа стаг. Веллачу Евлоевх дисина кхо бер.

Хиллачу бохамах лаьцна духхьара хаам баржийнарг вара гIалгIайн блогер Абадиев Муса. Цо яздинарг бакъдира махкарчу кхечу бахархоша а. Амма и хаам тIечIагбан ца хIоьттира «Кавказ.Реалиино» тоьхна телефон схьаэцна волу ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векал. Жоп лучу меттана, цо Керлачу Шарца декъалвира «Кавказ.Реалиин» корреспондент, хьийхира цунна полицин сайт а, инстраграмера агIо а тергалъяр.

РИА Новости агенталло а бакъдо бохам хилла хилар. Цо дийцарехь, «латта бахьанехь иккхина къовсам», цхьа стаг вийна, ялх лазийна. «Вийначун 43 шо ду», боху оцу хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG