ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саситлинский: «Нигерерчу Iедало лаьцна со вен баьхкинарш»


Африкерчу Нигер пачхьалкхан къайлахчу сервисо Оьрсийчуьра вогIу ши стаг лаьцна кеманца шайн махка воьссинчул тIаьхьа. Оцу хьокъехь «Кавказ.Реалиига» хаийтина Iеламчас-дагестанхочо Ахмеднабиев Исраила (Сиситлинский Абу Iумара).

Ишта хаам кхачийна Ахмеднабиевс куьйгалдечу фондан белхочуьнга Нигеран векалша.

И нах ша вен баьхкина хилла, боху Ахмеднабиевс.

"Цара (Нигеран къайлахчу серисан белхахоша – ред.) юхахьовсийна и нах, махка чу а ца буьтуш – хиина уьш диканна баьхкина боцийла», - боху Ахмеднабиевс. Цо дийцарехь, Нигеран Iедалша хеттарш дина фондан белхахочуьнга, хIунда аьлча, оцу махкахь сагIина гIунаш йохучу цуьнан фондера белхахой бен бац карахь Оьрсийчоьнан паспорташ долуш.

"Кавказ.Реалиигахь" яц Нигеран Iедалера информаци.

Оцу пачхьалкхо дуккхаза а зийна Ахмеднабиевн фонд а, оцу фондера белхахой а.

«Дийна Дог» цIе йолу фонд кхоьллинарг ву Ахмеднабиев. СагIанаш до цо Нигерехь, Палестинехь, Туркойчохь, Бангладешехь, Оьрсийчохь. Нигерехь дуккха гIунаш а яьхна, маьждигаш а, хьужарш а ехкина оцу фондо.

ФСБ-но бехкево Ахмеднабиев ДАIИШ-е ахча хьежорна. Оьрсийчоьно Интерполехула лаца кхайкхийна иза, изоляторшкахь кхобу цуьнан гергарнаш а, «Дийна Дог» фонде сагIанаш хьийсина нах а.

Иштта лецначу нахах ву Ахмеднабиевгара интервью эцна журналист Гаджиев Iабдулмумин. 50 миллион сом фонде хьажийна аьлла, лаьцна латтош ву Къилбаседа ХIирийчуьра цхьа вахархо. Ахмеднабиевн ваша СаIад а лаьцна «терроризмна ахча латторна».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG