ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а баркалла Путинна Кадыровгара


Оьрсийчоьнан президентан дарж карахь кхобу 20 шо кхачарца Путин Владимир Нохчийчоьнан бахархойн цIарх декъалвина мекан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Нохчийчохь дера хьийзара дуьненаюкъара терроризм, пачхьалкх йохор, хIаллакъяр яра цуьнан Iалашо. Оьрсийчоьнан кхоллам шен караэца доьналла кхечира Путин Владимиран. Иза вуно дика ларавелира оцу Iалашонца. Нохчийн Республикан хьалхарчу президентаца, Оьрсийчоьнан Турпалхочуьнца Кадыров Ахьмад-Хьаьжица цхьаьна Путин Владимира хIаллакйира терроризм, Iалашйира Оьрсийчоьнан цхьаалла. Нохчийн къомо референдумехула бира шен къастам – сацамбира Оьрсийчоьнца диса», - яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь.

Мехкан куьйгалхочо бахарехь, Оьрсийчоь уггаре а амал доцуш йисинчу хенахь Iедале веана Путин: «Пачхьалкх кризисо лаьцна яра, кегари бара экономикехь». Яккхийчу халонех чекхъяьлла Оьрсийчоь, чIагIъелла, тоьлла пачхьалкх хилла дIахIоьттина, Кадыровна хетарехь.

«Нохчийн къомо доккха баркалла олу хьуна гIаланаш, ярташ меттахIиттийна, хазаллах лепаш хиларна, машар, дахарх тешам ахь чIагIбарна», - боху Кадыровс. Амма ца хьехадо, хьан, муха йохийна, стенах меттахIуттуш ю Нохчийчоь. Дерзош яздо: «Пурба ло дIахаийта: ахь оллушехь кийча ву хьан муьлхха а омра кхочушдан».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG