ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ажигова Iайша ша тергалйийр ю аьлла ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо


Ехха лоьрийн Iуналлехь а латтийна, лазийна куьг дIа а даьккхина, Москвара даймахка юхаялийна 7 долу Ажигова Iайша ган вахана оршоьтадийнахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела.

Беран ненаца а, социалан белхахошца а къамел деш мехкан куьйгалхочо дош делла йоьIан кхоллам шен тергонехь кхаба а, цунна дахарх йола аьтто бан а.

«Оха дерриг а дийр ду йоI Iалашъеш, вай, даккхийнаш, декхаре эгна цунна хьалха», - аьлла Калиматовс, ша Iайшина даьхьина совгIат дIа а луш.

ЙоьIан адвоката Мисалова Еленас дийцарехь, цуьнан ши ваша школе дIанисвина хIинца. (Шен берашна деша меттиг ца кхаьчна бохура ненас хьалхо – ред.). Доьзал Iуьналле эцна шаьш, аьлла, хаам баржийна кхиазхошца болхбечу меттигерчу хьукмато.

Iайшина карарчу хенахь протез оьшу дIадаьккхинчу куьйган метта. Иза яйта а, цунах мах дIабала а луурш а бевлла ГIалгIайчохь а, арахьа а.

Нана хIусамера дIа а яхийтина, дейишига дIаелла хилла Iайша массех шо хьалха. Яхначу аьхка, тIехь дуккха а чевнаш а йолуш, дарбан цIийне кхачийра йоI. Эццахь гучуделира цунна тIехь Iазап латтийна хилар – оцу бахьаница лаьцна, кхела хьалха хIуттор йолуш ю цуьнан 35 шо долу дейиша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG